Вы находитесь здесь:

Нохчийн литературан историн хьокъехь

21.03.2009

Нохч-Галг1айн Республика юхахьттийначул т1аьхьа нохчийн исбаьхьаллин литературан исторех лаьцна а, кхулт1аьхьа йолчу ханна вайн литературе - бан билгалбаьккхинчунекьах лаьцна а дукха яц язйина литературин а, газетан аг1онаш т1ехь статьяша. Цундела х1окху йоккха йоцчу статья т1ехь мелла аьлла а вайн литературин исторех лаьцна дерг хьахо лаьа суна. Нохчийн маттахь, нохчийн алфавитцад1аязйина литература вайн йолаелла Сийлахь-йоккха октябрьски революци хиллачул т1аьхьа, Къилбаседа Кавказехь советан 1едал х1оьттинчул т1аьхьа.

Революци хилале хьалха, Къилбаседа Кавказерчу кхин долчу къаьмнийн а санна, нохч-г1алг1айн къоман исбаьхьаллин литература ларалуш хилла адамашна дагахь хууш, багахь дуьйцуш долу дийцарш а, иллеш а, туьйранаш а, эшарш а. Халкъан фольклор, халкъан иллеш-эшарш а, туьйранаш а ч1ог1а даьржинаа, нахана дезаш а хилла вайн кхузахь, Царна т1ехь наха сатуьйсург а,луурга, нехан дог-ойла а гойтуш хилла, цундела дайшашайн т1аьхьенашка а кхийдош, дукха хенахь дуьйнасхьадог1уш хилла вайн нехан и иллеш а, дийцарш а, - доцца аьлча, ерриг а фольклор. Царна т1ехьиллешъалархоший, дийцаран говзанчаший сий дарца кхайкхош а, базбешахилла къинхьегаман халкъан Даймахке болу безам а, нийсо а, бакъонехьа къуьйсуш болу турпалхой а, къинхьегам а; оцу иллешна т1ехьхалкъо балхош хилла шена хуьлу ницкъ а, шегара бала а. Даймахке безам, шайн мостаг1ашца йолугамо, маршоне лаам, синтем, сингаттам, г1айг1а-бала, даккхийде-идеррига къеггина схьагойтуш хилла халкъан фольклорана т1ехь.

Кавказехь оьрсийн маттахь арадуьйлучу газеташнат1ехьа, сборникашна юккъехь а д1адаханчу б1ешерийн юккъехь дуьйна гучудийла дуьйладелла вайн къоман барта дуьйцу дийцарш а, иллеш а. Къаьсттина нохчийн фольклор алсам а гойтуш, зорбаетташ хила Тифлисехь арадолуш хиллачу «Кавказ» газета т1ехь а, Теркан областан хьокъехь хаамаш бечу сборникана т1ехьа. России юьстахарчу колониальни меттигашкахь паччахьан администрацина куьйгалла латто атта хилийтархьама лелош хиллаиг1уллакхаш, амма и материалаш зорбатохар хиллане а хилла дац паччахьо нохчашна дика болх лехар а, я нохчийн къам серладаккха г1ертар а. Иза иштта делахь а, оьрсийн маттахь вайн фольклоран зорбаеттаро таро хилийтина вайн дийцаршший, иллешший оьрсашна а, оьрсийн маттах кхеташ болчарнаа довзийта, Х1етахь дуьйна схьа нохчийн фольклорана къаьсттина боккха тидам т1ебахийтина Россехь даккхий 1илманаш долуш болчу наха. Оьрсийн элпашца д1а а язъеш, нохчийн маиахьвайн нехан ши йишдуьххьара д1аязйинарг оьрсийн сийлахь- воккха яздархо Толстой Лев Николаевич ву. Девлатгирин-эвларчу шен шина доттаг1чун - Балтии, Садон дешнашца Лев Николаевича 1852-чу шарахь д1аязйина нохчийн шийиш. Л.Н.Толстойн дехарца, цул т1аьхьарчу заманчохь поэта Фета стихотворенеш а йина царах.

Параваьлла хиллачу Кавказоведо Н.К.Услара 1862-чу шарахь арахецна «Нохчийн мотт» аьлла йолу монографи, Н.К.Услара юкъаяккха х1оттийна нохчийн алфавит вайн маттана дика мегаша, йог1ушахилла йоза лело.Амма Сийлахь-йоккха Октябрьски революци хиллалц цу алфавитах пайяаэца йишца хилла вайн.Нохчий йоза-аешарх кхиийта г1ерташ, даккхий г|уллаоаш дина волчу хьехархочо Эльдарханов Таьштамара 1910-чу шарахь уггар хьалха х1оттийна дуьххьарлера нохчийн абат, шена т1ехь еша материалаш а йолуш. Школашкахь нохчийн берашна шайн мотт-йоза хьехаг1ерташ, нохчийн йоза-дешар 1амо г1ертарх г1уллакх цахилира Эльдархановн: паччахьан администрацис бакъо ца еллера школашкахь ненан мотт хьеха, Кхин а цхьамоМа нах Миртира нохчийн алфавит х1отто. Амма и дерригахилале хьалха йолчу хенахь.

Октябрьски революци хиллачул т1аьхьа, 1921-чу шарахь Тучаев Ахьмад хюттийнера нохчийн маттана реформировании 1аьрбийн алфавит. 1аьрбийн маттахь эльпаш доцу нохчийн аьзнаш гайта даьхна цхьацца керла хьаьркаша долуш: Цул т1аьхьа цхьа шо даьлча Сугаипов Шах1аба а х1оттийнера кхин алфавит, 1аьрбийн элпийн бух аболуш.Амма иерриг алфавиташ вайн маттана мегаш яцара, цкъа-делахь, вайн матгахь лело 1амохала хиларнаа, шозлаг1а-делахь, 1аьрбийн шрифт вайн цахиларнаа.1925-чу шарахь Нохчийн областан исполкоман сацамца 1аьрбийн алфавит юкъара д1а а

йоккхуш, т1еийцира Ошаев Халида латински алфавитан буха т1ехь х1оттийна хиллачу нохчийн алфавитам проект. И алфавит дуккхьанхьа а йийцаре а йиллина, къобалйинчул т1аьхьа Горячеводскехь ехкира цуьнца нохчийн мотт-йоза 1амочу хьехархойн дуьххьарлера курсаш. Иза дара 1926-чу шарахь. Х1етахь дуьйна сихачу боларца д1адоладелира нохчийн исбаьхьаллин литература кхиар а. 50-60 курсант дешна чекхваьллачу Горячеводскерчу курсаша нохчийн хьехархой кечбира. «Серло» ц1е а йолуш х1етахь арадолуш хиллачу нохчийн газета т1ехь материалаш зорбатоха йолийра латински шрифтаца, цу хенахь арайийла юьйлаелира дуьххьарлера оригинальни произведенеш а. Учебникаш а, тайп-тайпана иллеш, эшарш, дийцарш т1ехь долуш сборникаш азорбаетта йолийра. Халкъан фольклоран сборникаш а йира нохчийн авторша. Нохчийчохь Советски 1едал х1оьттинчул т1аьхьа дуьххьара араяьлла исбаьхьаллин произведени яра нохчийн халкъан тешамечук1анта, г1араваьлла майрачу командира, коммуниста Шерипов Асланбека тоеш оьрсийн маттахь гулйина йолу иллийн, дийцарийн сборник, цунна т1ехь зорбатоьхна «Солсин илли» а, «Обарг Гехин илли» а, иштта кхин дерша. 1918-чу шарахь август баттахь Бурит1ехь, г1алин урамашкахь луьра т1емаш бог1уш, Теркацасоветан 1едал х1отточу муьрехь и киншка зорбатоха кечъеш яра, Контрреволюцица болчу къийсаман коьртехь хиллачу Шерипов Асланбекана хан карош хиллера х1етахь исбаьхьаллин литературин г1уллакхаш лело а.

Советан 1едал х1оьттинчул т1аьхьа нохчийн халкъан исбаьхьаллин литература сихха кхиа таро хилла, халкъана юкъаяржа йолаелира. Вайн мотт а, сийлахь-боккхачу оьрсийн меттан дуккха а дешнаш юкъаадог1уш, меллаахьалдолуш хила болало. Исбаьхьаллин литературог1о донийса яздарехь а, дешнаш нийса аларехь а, грамматика кхолларехьа.

Оцу кеппара, дуьххьалерчу нохчийн яздархоша Сальмурзаев Мохьмада а, Нажаев Ахьмада а, Дудаев 1абдис а, Бадуев Саь1ида а пайдаоьцу шайн произведенешна т1ехь хьалха нохчаша багахь олуш хиллачу фольклорах - иллех, эшарех, дийцарех. Амма яздархошна х1еттахьехь хиира фольклоран произведенийн тематика а, чулацама к1езгачу барамехь хилар, шайна кхин а шуьйра некъаш иэшар. Нохчийн дуьххьарлерчу яздархоша шайн литературни мои кхолларехь а, исбаьхьаллин литературан произведенеш кхолларехь а оьрсийн сийлахьчу яздархойн А.С.Пушкин а, М.Ю.Лермонтовна, Л.Н.Толстойн апроизведенех 1емаш пайдаэцаро доккха г1уллакх дира. Прозехь язъеш берш оьрсийн классикийн а, вайн хенахьлерчу яздархойн а произведенийн реалистически кхоллаяларехь дика мел долчухпайдаоьцуш, 1ама буьйлабелира. Амма цхьабакъду, вайн проза поэзел т1аьхьайисира ша йолалуш дуьйна а прозехь язйина произведенеш шайна т1ехь дуккха а болх бан дезаш хилар а, дукха яхйина йоцчу стихашца язъян атта хилар а, дика проза язъян хууш авторш цу хенахь вайн к1езиг хилар а бахьана долуш. Ша йолалушшехь советски исбаьхьаллин литература йолуш кхоллаелла вайн литература. Юьхьанцарчу хенахь, вайн литература кхоллалучу муьрехь яздархой цахилар а, йоза-дешар хууш баккхийнаш к1езиг хилар а бахьана долуш дукха хьолахь арахоьцура берийн литература - дийцарш а. туьйранаш а.

Зорбатоьхна киншкаш цу сохьта нахана юккъехь д1аяьржара. Зорба тохар к1езиг а дара-х1ора киншка 300-500 экземпляр бен цахуьлура. Къаьсттина ч1ог1а г1ардаьлла дара х1етахь Ошаев Халидад д1аяздина хилла долу туьйра-хаттар, «Хаал муьлха йоккха хилла?» ц1е йолу. И туьйра баккхийчара а доьшура. 1926-чу шарахь Нажаев Ахьмада арахийцира нохчийн иллийн, эшарийн, дийцарийн сборник. Йоза-дешар цахаар юккъера д1адаккха ехкинчуликбезашкахь доьшуш болчу а, дешна бевллачарна а еша материал яларехь доккха г1уллакхдира оцу сборнике. Дуьххьарлера нохчийн яздархой юкъабевллачул т1аьхьаа наха хазахеташ йоьшуш лелийра и сборник. Юезиг-дукха зорбатоьхначу произведенешка вайн дешархо марзлучу муьрехь зорбанехь гучуйийла юьйлаелира Нажаев Ахьмадан а, Дудаев 1абдин а стихотворенеш. Оцу стихийн нийса ритм а, дешан говзалла а яра, амма гуш дара уьш нийсса 1аьрбийн стихан кепехь язйина хилар, Ама уьш дидактичниа (сурт ца гойтуш, дуьххьал схьадуьйцуш), шаьш дуьйцург дешнашцат1ех хестош а, синкъераме йоцуш а яра. Цу шерашкахьпрозаа, поэзи а юкъаяларца цхьаьна кхоллаяла йолаелира нохчийн драматурги а. Ошаев Халида язйира «Дайн 1едал» ц1е йолу цхьана актехь пьеса. 1адатах бухадисинарш а, ч1ир лелор а сийсаздеш,царах долу зулам гойтуш хилла йолу и пьеса сценаш т1ехь шайн лаамца наха х1итта а йира. 1925-чу шарахь Шерипов Денилбека язйинера «1аьлбак-хьаьжа» ц1е йолуш кхаа актехь пьеса. Оьрсийн маттахь зорба а туьйхира иза. 1876-чу шарахь Нохчийчохь паччахьна дуьхьал бинчу исторически г1аттамах лаьцна язйинера Шерипов Данилбека шен пьеса. Цо иштта язйира «Шайх Пези» боху пьеса а, Иза а яра харц г1уллакхаш лелочу нахах долу зулам гучудоккхуш. Вайн исбаьхьаллин проза ша йолалуш дуьйна ледара хиларо иза кхинд1аа кхиарнаа дикка новкъарло йира. 80-90 процент поэташ хиллехь, проза язйийраш 10-20 процент бен бацара, Драматурги язъеш берш а бара проза язъечарал. Ткъа литература йолалучу хенахь кхин мел йолчел а алсам кхиа йолаелла берийн литература, т1аьхьарчу хенахь гуттар д1атесна йитира вайн денош т1екхаччапц.

Нохчийн яздархой дуьххьарлера секци 1929-чу шарахь вовшахтуьйхира. 1926-чу шарахь дуьйна шен произведенеш крайн газеташна т1ехь зорбаетташ хиллачу нохчийн ширчу яздархочо Арсанов Саь1ид-Бейс йиллира ГРАПП (Грозненская ассоциация пролетарских писателей). Цу юккъе бахара писательш: Нажаев Ахьмад а, Дудаев 1абди а, Бадуев Са1ид а, Айсханов Шамсуди а, Мамакаев Мохьмад а, 1934-чу шарахь СССР-няздархойн хьалхара съезд хиллачул т1аьхьа вайн советски яздархойн Союз хилира, Шен вахаран некъ а, говзалла а исбаьхьаллин литература кхоллар хаьржина волу нохчийн дуьххьарлера яздархо вара Бадуев Саь1ид. Иза вара нохчийн халкъан дукха башха корматалла йолу, говза а, уггар тоьлашха а волу яздархо-драматург а, прозаик а, поэт а. Ша волалушшехь дуьйна д!абол и йра Бадуевс хьалха хиллачех вайна юккъехь дисинчу вочу г1уллакхашца а, вочу гЫллакхашца а къийсам латтор. Нохчийн халкъана ч1ог1а хазахеташ хилла д1ах1иттира цо яздина дийцарш: «Г1у» а, «Ц1еран арц» а, «Бешто» а, «Некъан кехат» а,«5 туьма» а, иштта кхин дерш а, Парабевлла сийлахь большевикаш С.М.Кирова, С.Орджоникидзе а, Н,Гикало а, А.Шерипов а коьртехь волуш оьрсийн пролетариатаца цхьаьна а х1оьттина, нохч-г1алг1айн къинхьегамхоша Советан 1едалехьа латтийначу турпалчу къийсаман хьокъехь пьеса язйо цо, «Ц1енг1ап» ц1е а йолуш. Нехан ц1ий муьйлурш, спекулянташ, совдегарийн сутаралла гучуйохуш дукха башха пьеса язйо Бадуевс, «Ца1ебина зуда ялор» ц1е йолуш.Вайнхенахьлерчу башхачу къинхегамхойх-нефтяникех лаьцна яра цуьнан «Дашо 1ам» ц1е йолу пьеса.

Шен произведенеш бахьана долуш нохчийн халкъан шега боккха безам бахийтира Бадуев Саь1ида: зорбанера арайовллушехь, нахан юкъаяьржара цуьнан киншкаш, генарчул районашкара а, лаьмнашкара анохчий, цуьнан пьесаш профессиональни театрехь х1иттош хьовсархьама, леррина Соьлжа-Пала оьхура, Нохчийн дешархочун исбаьхьаллин литературе безам бахийтарехь чот йоцуш доккха г1уллакх дира С.Бадуевн произведенеша, Иза лара веза нохчийн исбаьхьаллин литература а, драматурги а, дуьххьара кхоьллинарг. 1930-1931 - чуй шерашкахь Бадуев Саь1идца цхьаьна шайн произведенеш зорбаетта йолийра нохчийн яздархоша Айсханов Шамсудис а, Мамакаев Мохьмад а а, х1етахь т1аьхьо Музаев Нурдис а. Шайн поэтически произведенешна т1ехь цара гойтура махкахь дан долийна сийлахь-даккхий г1уллакхаш. Айсханов Шамсудис прозехь произведенеш язъян а йолийра. Х1етахь дуьйна схьа исбаьхьаллин литература вайн маттахь, культурехь кхиас; кхетаран а ца хилча ца долуш долу герз хл д1ах1оьттира. Цо г1о дора халкъа юкъахь кхетаман – серлонан болх баржо а, вайн нахана юкъахь Советан 1едалан а, коммунистически партии политически г1уллакхаш,1илмананболх, махкана хьалха лаьтта декхарш-дерриг а довзийтарехь. Дуьххьара яздан буъйлабеллачу яздархойх волчу Мамакаев Мохьмада ч1ог1а говза яздо кегий дийцарш а, новеллаш а. М.Мамакаевс оьрсийн маиахьа язйо цхьацца произведенеш. Мичча меттехь ша хилча а М.Мамакаевс къоначу ницкъаца жоп ло шен произведенешна т1ехь советски мехкан а, советийн халкъан а дахаран г1уллакхашна. Цуьнан массо адийцаршний, новеллашний т1ехь къеггина гуш ду советаг адамашка бовха безам хилар, социализм д1ах1отторхойн ницкъ, хьуьнар, цара мел деи дог тешна болуш, хьуьнаре г1уллакхашна хилар. Яздархо нисло Заполярьехь, 1аламан буьрса хьелашкахь болх бечу, массанхьа а го цунна советски стеган ницкъа,хьуьнара.«Хьалхара гудок» а, «Ша меттахбаьлла» а, «Полярни буьйсанца» а, иштта кхин а дуккха а долчу шен дийцаршна т1ехь М.Мамакаевсдешархошна довзуьйту Игарка ц1е йолу заполярни г1ала еш болчу стогалла йолчу белхапойн дахар. «Хьалхара гудок» ц1е йолчу дийцарна т1ехь дукха башха гайтина заполярни Мишлошъяран хьаькаман Лавров Василийна, парторган Томилинан а суьрташ. Икуьйгалхой шаьш д1ах1уьтту белхан уггар ахалчу участкашка, шаьш дечуьнца вукху белхалошна некъа гойтуш. «Ц1ена дог» а, «Хазчу йоь1ан т1улг» а ц1ерш йолчу дийцаршна т1ехь М.Мамакаевс дешархошна довзуьйту нохчийн дахар а, г1иллакхаш а. Вайн махкахь мел хуьлуш долчу даккхийчу сийлахьчу г1уллакхашна ядийцарцаа, яновеллица, я стихца жопло М.Мамакаевс. Ч1ог1а коьртаха долчарех цхьаъ, дика г1уллакх ду Мохьмадан ша даиманна а 1емаш, доьшуш, шена хуучух тоамбина ца 1аш, кхин а керла форманаш 1амош кхуьуш хилар. М.Мамакаевн юьхьанцара стихаш технически юьззина кхиъна евлла хилла яцахь, х1инца цено-дено тоьлашха яздеш схьавог1у иза. Х1окху сохьта М.Мамакаев нохч-г1алг1айн историна т1ехь болх беш ву. Ша динчухтоам цабеш. кхид1аа шен яздархочун говзалла лакхаяккхарехь кхин а болх баро таро хуьульйтур ю. М.Мамакаевн вайн маттахь кхин а тоьлашйолу произведенеш язъян, Цуккха а къахьегна нохчийн вукхаяздархочо, цуьххьарлерачарех ша цхьаъ волчу, Арсанов Са1ид-Бейс «Маца девза доттаг1алла» ц1е а йолуш оьрсийн «аттахь дуьххьара араяьлла нохчийн исторех чаьцна роман язъеш.

Кху шарахь нохчийн матте йоккхуш ю иза чсбаьхьаллин литературин тоьлашха болчу гочдархойх цхьаъ волчу Х.Исраиловс. Яздархо Арсанов Са1ид-Бейс, ша хан яьлла воккха стаг зелахь а, доккха г1уллакх дина нохч-г1алг1айн щархойн организаци юхаметтах1отторехь а. Х1окху сохьта яздархо шен романан шозлаг1чудекъа г1ехь ч1ог1а болх беш ву. Романан шозлаг1а дакъа 40 кхоллар яздархочуьнгара дика совг1ат хир ду юшархошна.

Тайп-тайпана ю нохчийн яздархочун Музаев Нурдин роизвенеш. Цо язйо стихаш а. пьесаш а, поэмаш а, товесташ а, Н.Музаевн юьхьанцалера произведенеш :1инца т1аьхьа язйинчарел дуккха а тоьлаш а, хаза 1яра, амма х1окху т1аьхьарчу заманчохь яздархо щха сиха яздеш а, ларамаза къахьоьгуш а хилар бахьана долуш цуьнан произведенеш ледара а, :хеташ боцчу маттацаа язйина ю. Масала, нийса юцу х1умнаш т1ехь долуш, ойла к1езигеш язйина силар гойтуш ю цуьнан «Замза» ц1е йолу повесть а, цхьацца стихаш а. Кху дукха йоккха йоцчу статья 1ехь вайн таро яц цуьнан произведенеш буххара, к1орггера дуьйна къасто. Амма вайна луур ду, иена дешархоша гайтина кхачамбацарш тидаме а оьцуш, яздархочо исбаьхьаллин литературехь к1орггера болх бойла а, вайн советски зорбанехь ледарчу произведенешна меттиг бацарх иза кхеттийла а.

Музаев Нурдис дагалаца деза юьхьанца ша произведенешна т1ехьлеррина, хьанал, дуккха а къахьоьгучу хенахь, шен произведенешка самукъа а долуш сценаш т1ехь нах хьежар а, шен иллеш, шарш хазахеташ наха 1амош хилла хилар а, 1инца ша ледара язъечу произведенешца цо шех дешархойн дог доккхуш хилар а. Шен и г1алаташ Н.Музаевс тодийриг хиларх, ца тодича ца ардаларх тешаш хир ду вай. Кхин сурт ду т1аьхьо яздан буьйлабеллачу къоначу яздархойн Муталибов Зайндин а, Эдилов Хасмохьмадан а, Сулаев Мохьмадан а, нохчийн кхоначу поэтессин Ахматова Раисин а, поэтан Джамалханов Зайндин а произведенешна т1ехь вайна гург, уьш дено-дено кхуьуш а, кхеташ а, дика произведенеш язъеш а схьабог1у. Поэт Сулаев Мохьмад къасттина дукха лирически стихаш язъеш ву, цуьнан уьш дика а нисло. Уггар коьрта дерг М, Сулаев даиманна а 1емаш, лерина къахьоьгуш хилар ду. Ша тайпа некъ а, формаш а ю цуьнан, Иза къахьегарх кхоьруш цахиларо а, цунан талант хиларо а гойту т1ейолчу хана цо кхин а дика произведенеш язйийриг хилар. Къаьсттина билгалваккха веза стихаш язъяран дика говзалла йолуш а, лерина болх беш а волу поэт Муталибов Зайнди а, поэт Эдилов Хасмохьмад а. Церан стихаш рифма а, ритм а нийса лелорал совнаха, дика чулацамболуш, дагайог1учу тайпана говза язйина ю. Дукха башха произведенеш ю З.Муталибовн «Иттминот» а, «Ойланаш» а, иштта кхин а стихотворенеш, Х.Эдиловн «Сийлаха» ц1е йолу поэма, Ахматова Раисас оьрсийн маттахь дукха язйо шен стихаш нохчийн маттахьчул. Амма х1окху т1аьхьарчу хенахь поэтесса нохчийн маттахь язъян 1емаш, леррина къахьоьгуш а, 1емаша схьайог1у.

Вайн яздархойн организаци юхаметтах1оьттинчул т1аьхьа къаьсттина алсам болх беш а, дика произведенеш язъеш а ву нохчийн къена яздархо Ошаев Халид а, сатирик Хамидов 1абдулла а, 1илманан болх барца цхьаьна даиманна а исбаьхьаллин литературни болх бо Ошаевс. Цох1инцале язйина «Дукъа т1ехь» ц1е йолу пхеа актехь пьесаа.масех цхьана актан пьесаш а, дийцарш а,

Пьесаш язъеш болчарех къаьсттина тидам шена т1ебохуьйту яздархочо Хамидов 1абдуллас. Цуьнан «Совдат, Дауд» ц1е йолу йоккха пьеса а, «Абубешара куй лаьттах тохар» боху жима пьеса а хьовсархошна дукха-езаш ю, Хамидовс яздо маларшна т1аьхьабевлла лела наха, спекулянташ а гучубохуш, уьш сийсазбеш дийцарш. Цо ч1ог1а емалдеш, дуьйцу зударийн бакъонаш яйъаг1ертарх лаьцна, яздархо, къинхьегамах ца кхоьруш а, дахаран массоамаь Нешен б1аьрг кхачош а ву. Цу дерригено а гойту Хамидов 1абдуллас кхин а дуккха а дика произведенеш язйийриг хилар.

Т1аьххьарчу заманчохь яздан буьйлабеллачарех шайх дика яздархойхирг хиларх догдохийла йолуш бу накъостий Айдамиров а, Дакаев а, Окуев а иштта кхиберш а, Накъост Айдамировн «Кехат» ц1е йолу дийцар дикачу, ц1енчу маттахь а, дика сурт х1оттош аяздина ду, Дакаевн дийцарш вайн дешархошна дукха девзаш дацахьа, авторан говзалла а, мотта дика схагойтуш ду, Къонахана хаа деза къинхьегамах ца кхоьруш, 1емаш, керла некъаш лоьхуш.динчух ца 1ебаш болх барций бен дика произведенеш язъян тарлуш цахилар. Массара а цхьаьна, юкъарчу хьаналчу къинхьегамца, советски стеган дог-ойланца вай цхьаьна болх баро таро хуьлуьйтур ю советски дешархошна хьокъала йоллу идейни нийса, исбахьаллин хаза, дика, произведенеш язъян. Халкъан дуьхьа, махкана пайдехь йолу исбаьхьаллин произведенеш язъярца вешан литература лаккхарчу т1ег1ан т1ехь д1ах1отто еррриг а таронаш ю вайн.

Цхьана атайпанчу халонех ца кхоьруш, къахьега мало цаеш, шен кхолларалла шенхалкъана, махкана пайденна д1ах1оттийна волчу массо а яздархойн, исбаьхьаллин литература кхолларехь кхиамаш а хуьлда, цуьнан къинхъегам декъал хиларца ширлур йоцу произведенеш язъян аьпо а болийла.


«Ленинан некъ» («Даймохк») газет, 1958-чу шеран 5-г1а январь

Все материалы раздела «Культуран хазна»



© 2008—2014 Министерство культуры Чеченской Республики
Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.

Создание сайта — Элкос


Статистика